* Masalın Türkçesine buradan ulaşabilirsiniz.
Цхьана ден кхо кlант хилла. Вехаш хийла хан яьлча, дена чlогlа цамгар кхетта.
— Со кху цамгарх вала мега, то а ца луш, — аьлла, дас, шен кхоь а кlант, кхайкхина шена тlе а валийна, цаьрга весет дина, — Со велча, суна, туьхан тlулгах дай, чурт а догlа, наггахь тlедуьйлий, кош тlе а хlитта. Бертахь а lе, диц а ма де, вон хила атта ду, дика хила хала ду шуна.
Оцу цамгарх то ца луш, да кхелхина, ткъа бухависинчу кхаа кlанта, шешан ден весет кхочушдеш, дена туьхан тlулгах дина чурт а доьгlна, шайн да дlаверзийна.
Цхьа хан яьллачу хенахь хlара кхо кlант, шайн ден коша тlе эха воьлла. Иштта хlорш лелаш, шешан дена доьгlна туьхан чурт жимлуш хилар хааделла кlенташна. Воккхах волчу вашас аьлла жимах волчу шина веше:
— Хlара вайн ден кошана вай доьгlна чурт лахлуш ду, хlара ларда деза вай, — аьлла.
Цу тlехь барт а хилла, хьалхарчу кхаа буса воккхах волу ваша вахана ден чурт ларда. Ден чуртана билгало а йина, чурт ларда хиъначу воккхах волчу вешина, кхаа а буса наб кхетта, ден чурт лардеш lачу заман чохь. Ден чурт кхара йинчу билгалонал жимделла карийна. Шолгlачу рогlана юккъера ваша вахана ден чурт ларда. Чуьртана тlехь билгало а йина, охьавижна юккъера ваша а. Цунна а, вукху вешина санна, наб кхетта. Кхоалгlачу дийнахь хьаьжча, хьалхачул а чурт лахделла карийна. Тlаьххьара а жимах волу ваша вахана ден чурт ларда. Шена мел чlогlа наб тlегlоьртича а, наб ца кхоьтуьйтуш, чурт лардеш lаш хилла жимах волу ваша. Буьйса юкъал тlех яьллачу хенахь, стиглара охьа а беъна, цхьа lаьржа бода тlегlоьртина ден чуьртана.
Бода дикка гера кхаччалц, lадда а lийна, кlанта, вист а хилла, аьлла:
— Хlай суна тlегlерта бода, хьо хlун ю? Са ду хьо я жин ду хьо? Дистхила! Бода, хlумма а ца олуш, кхин а герга гlерташ хилла. Кlанта lад а оьзна, пха
тоьхна. Тlаккха а юха ца болуш, кlентан ден чурта тlе кхетта бода. Кlант, кхоссавелла, боданна тlе хиъна. Кlант шена тlе хиъча, бодано вадийна ворхlе а стигалан lаьрчашка ваьккхина. Цу стиглан lаьрчашкара керчаш, юха лаьтта боьссича, кlора санна lаьржа дин хилла, дlахlоытина lаьржачу боданах. Лаьтта тlехь ира а хlоьттина, лестина, бегабелла дин:
— Хlинца-х даций суна тlехь цхьа а хlума, — аьлла. Букъа тlехь хиъна lачу кlанта аьлла:
— Кхин хlума-м дац хьуна тlехь, со кlант-м ву. lаьржачу гилано жоп делла:
— Тахана-тховса дуьйна хьан долахь бу со, хьо бен кхин да воцуш. Хьо холчухlоьттинчу муьрехь, хьайна со ма ишшинехь, хlара сан цlоганан мерз багор ахьа, со тlекхочур бу хьуна.
Кlантана цlоганах баьккхина мерз а белла, дlабахана lаьржа гила. Говран цlоганах баьккхина мерз шен кисана а биллина, шолгlачу буса а ден чурт ларда охьахиъна жимах волу ваша. Хьалхарчу буса санна, лерина, кхунна наб тlегlоьрттинчу хенахь, стиглара охьахьаьдда кlайн гlаларт. Гергга кхаччалц, lадда а lийна, кlанта аьлла:
— Суна герга ма гlерта, аса лазор ду хьо, кlайн гlаларт.
Кхин и соцург а ца хилла, lад оьзна, пха тоьхна кlанта. Шена пха тоьхча а, шек ца долуш, кlентан ден чуртана тlе кхетта кlайн гlаларт. Цунна а, кхоссавелла тlехиъна, чурт лардеш lен кlант.
Хьалаиккхина, ворхlе а стигала хьала а даьлла, цигара керчаш лаьтта охьадоьссинчу кlайчу гlалартах сира дин хилла дlахlоьттина.
— Хlинца-м маlа-моза а хир бацара суна тlехь, — аьлла, лестина, бегабелла сира дин.
— Со санна волу кlант бен, кхин хlума дац хьуна тlехь, вир-бекъа, — аьлла, вистхилла кlант.
Тlаккха кlайчу дино, шен цlоганах баьккхина мерз а луш, кlанте аьлла:
— Хlинца хьан дола бели со. Холчухlоытина, соьгара гlо эшна, со хьашт ма хиллинехь, хlара мерз багор ахьа, со тlекхочур бу хьуна.
Кlанта, баьккхина мерз кисна а боьллина, сира дин дlабахийтина. Еана тlекхаьчна кхоалгlа буьйса а. Кlант ден чурт лардеш lачу хенахь, тохара санна, мерза наб тlегlоьртина цунна. Оцу буса тlегlоьртина гlаларт а, кlанта, тlера охьа ца вуссуш, карадалийча, цунах расха дин хилла. Цо а, вукху шина дино санна:
— Хьан дола бели со, хьо холчухlоьттича, хьайна гlо эшначу меттехь, хlара мерз багор ахь, — аьлла, цlоганах баьккхина мерз белла. Иза а, вуьш санна, баьлла цхьана агlор дlабахана.
Кхо дей, кхо буьйсий дlадаьлча, шайн жимах волу ваша волчу вахана воккхах волу ши ваша, цо ден чурт муха лардо хьажа. Шаьш йинчу билгалонал чурт лахделла ца карийна кхарна. Цхьана дийнахь воккхах волчу шина вешина хезна, хаьхкича, дин хьалхабаьллачунна шен йоl а луш, эло говраш хохкуьйту, аьлла. И шиъ цига ваха кечвелча, ша а ваийтахьара, аьлла жимах волчу вашас.
— Ахь цигахь дан хlумма а дац, я хьан цигахь гlуллахк а дац, — аьлла, човхийна хилла цара жимах волу ваша.
Воккхах волу ши ваша шайн дех йисинчу вирна хьалхай, тlехьай а хиъна, ваха новкъа ваьлла, эло говраш а хахкийтина, говр хьалхаяьлла, хьуьнар тоьллачунна, йоl лучу тойне хьажа. Воккхах волу ши ваша дlаваханчул тlаьхьа, араваьллачу жимах волчу вашас, ша хьалха баьккхина мерз, киснара схьа а баьккхина, багийна, цунах хlун хуьлу хьажа. Мерз баьгна балале, беана схьаиккхина, кlанта дуьххьара лаьцна, хьаргlа санна болу lаьржа дин. Дика, лерина кечвелла, цу дина а хиъна, элан тойне ваха дlаиккхина жимах волу ваша. Воьдуш, хьалха вирахь дlаваханчу шина вешина тlаьхьа кхиъча, цаьрга салам а луш, царна вовзале, тlехъиккхина и шен динахь, уьш салам дlаэца кхуьуш, ца кхуьуш. Шина вашас аьлла хилла, тlаьхьа а хьаьжна:
— Ма вайша човхийна, цlахь витинчу вайшиннан вешех а, вайшиннах а тера вац и вахана бере, — аьлла.
Урх хецна йитча, мохаца чехкалла къуьйсуш, юхаоьзча, стиглан lаьрчашка хьалагlерташ, вадийна элан юьрта дlакхачийна lаьржачу дино жимах волу ваша. Юьрта чу ма вуьйллинехь, тlекхаьчначу тобане, элан той мичхьа ду, аьлла, хаьттича, юьртахоша дийца а дийцина, элан гlалин гlопе вахана кlант. Кетlахь лаьттачу эле салам а делла, кlанта аьлла:
— Хаьхкича, говр хьалхаяьлла хьуьнар тоьллачунна, эло шен йоl ло, аьлла, хезна вогlу со.
Эло кlанте аьлла:
— Динан бере, хьо тlаьхьависна. Дика дой долу береш говраш хахка бахана кхо дей, кхо буьйсий хан ю.
Тlаккха вистхиллачу кlанта аьлла:
— Сийлахь эла, хьуна хlун билгало ян еза дин хьалхабаьллачу кlанта? И билгало хьуна тlекхачо хьожур вара со.
Эло жоп делла:
— Башлома кlел кхаьчна, охьадогlуш шийла шовда ду. Цу шовдан йисттехь лаьттачу лекхачу кхура кlел, билгалонна, йиллина сан йоьlан кlудал ю. Оцу кlудал чу тесна цо пlелгах юллу чlуг ю, сан йоьlан цlе а тlехь. Хьалха тlекхаьчначу беречо цу кlудал чуьра пlелгах юллу чlуг схьакхачо еза. Цуьнга лур ю ас сайн йоl.
Эло дан дезарг шега ма-дарра дийцича, шен динан урх схьа а озийна, кlентийн тоба дlаяханчу лорах шен гила а берзийна, иза урхана малбина битина кlанта. Дикка некъ бинчул тlаьхьа, хьалха дlабаханчу берешна тlаьхьа а кхиъна, уьш тlаьхьа а буьтуш, хьалхаваьлла, лам чу а кхаьчна, цигахь шовдана йистехь болчу кхура уллорчу кlудал чуьра элан йоьlан цlе тlехь йолу чlуг а яхьаш, цlехьа вирзина шина вешин жимах волу ваша. Элан йоьlан чlуг а яхьаш, говраш хахка бахана береш цlа кхочу ларбеш lаш эла а, цуьнан тойне гулделла адамаш а хилла. Кlанта мавоггlура элан гlопан керта тlоьхула дин дехьа а оьккхуьйтуш, цуьнан йоl йолчу коре шен гила тесна. Корах арахьоьжучу йоlе ша еана чlуг кхоьссина кlанта.
Говраш хахка баханчу нахал, кхуьнан дин хьалха баларна, кху кlанте шен йоl а луш, кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ловзар дина эло. Доьалгlачу дийнахь кlант-йоl новкъа даьккхина.
Веана цlа кхаьчча, ша ялийна элан йоl нацкъарчу цlа чу дlа а лачкъийна, ша хьалха чохь висинчу цlа чу а вахана, паргlатваьлла lаш хилла кlант. Ловзарга вахана ши ваша а веана цlа кхаьчна. Шен шина вешега хаьттина жимах волчу вашас:
— Хьан яьккхи элан йоl? Хьенан говр хьалхаяьлла тойнехь? — аьлла. Шина вашас аьлла:
— Хьох тера вацара иза. Хьаъа а яьккхича а, хьуна хlун бала бу цуьнан? Шолгlачу дийнахь а хезна кхаа вешина:
— Лахара хьала хьаьжча, бохь а ца гуш, охьахьаьжча, бух а ца гуш болчу лекхачу бердах бинчу бена чуьра лечанан ши кlорни еанчу кlантана, эло шен йоl ло, — аьлла.
Ша а ваийтахьара аша, аьлча, шешан жимах волу ваша а ца воуьйтуш, элан йоl яккхалур яцара-техьа вайшинга хlинца мукъана а, аьлла, воккхах волу ши ваша вахана, шайн вира а хиъна.
Бухависинчу вашас шен киснара шолгlа мерз багийна. Дукха хан ялале, беана схьаиккхина сира дин. Дика духар тlе а дуьйхина, лерина кеч а велла, шен динахь араиккхина жимах волу ваша.
Новкъа дlавоьдуш, шен шина вешина тlехъиккхина хlара. Дlаделла салам дlаэца уьш ца кхуьуш, схьаделла жоп хаза хlара ца кхуьуьш, сирачу дино вадийна, тlехъиккхина кlант. Шина вашас тlаьхьа а хаьжна, аьлла:
— Ма вайша цlахь витинчу вешех тера вац иза, цо элан йоl йоккхур ю хьуна.
Шен шед кхочехь, мел долу адам а гулдина, эла lаш, вахана дlакхаьчна жимах волу ваша. Дерриге а адам гулделла даьлча, эло дlакхайкхийна:
— Ломан бердах болчу лечанан бена чуьра ши кlорни еанчу кlанте шен йоl ло ша, — аьлла.
Оцу адамашца вахана, лекхачу лома кlел дlа а хlоьттина, шен сирачу гиле хаьттина кlанта:
— Хlинца хlун дича, тоьлур дара вайша? — аьлла. Сирчу дино шен дега аьлла:
— Кху ломана го бина дукха адам ду, хьуьнар къовса деана, хьо хlумма а воха ма вохалахь. Даг тlе бог хlоттош, ши гола тlетаlае суна, чож морцуш чоьже шед а тоха. Кхузткъе кхааммо санна мохь тоха, хьалхарчу когашца гlашлойн некъ боккхуш, тlаьхьарчу когашца ворданан некъ боккхуш, оцу лечанан бена тlе кхачор ву аса хьо.
Кlанта, шен дино шега ма-аллара, даг тlе бог хlоттош, гола таlийна, чоьже шед тоьхна, кхузткъе кхааммо санна мохь-цlогlа тоьхна, сира дин тlетаlийна. Хьалхарчу когашца гlашлойн некъ боккхуш, тlехьарчу когашца ворданан некъ боккхуш, ломан бердаш херцош, лечанан бена тlе кхаьчна сира гила. Бена улло кхаьчначу кlанта, эле охьа мохь тоьхна:
— Леча дац бенахь, цуьнан ши кlорни ю, хlун де ша! — аьлла.
Эло и кlорнеш схьаялае аьлла, жоп делла. Лечанан ши кlорни ян а еъна, йоьlан корах чукхоьссина кlанта. Кхаа дийнаххьий, кхаа бусий той а дина, кlанте шен йо! а елла, новкъа ваьккхина, цlа хьажийна эло. Ша ялийна элан йоl, тохара, хьалха ялийна цуьнан йиша йолчу, цlа чу дlа а лачкъийна, паргlатваьлла, охьахиъна жимах волу ваша.
Цlа веанчу шина веше хаьттина бухарчу вашас:
— Элан йоl хьан яьккхина? — аьлла.
— Сирачу динахь веанчу беречо яьккхи элан шолгlа йоl а, хlумма а хьох тера а вацара иза, — аьлла, жоп делла шина вашас.
— Сох тера ца хиллехь а, шуьшиннах тера мукъа а хила велара иза, — аьлла, жоп делла жимах волчу вашас.
Кхоалгlа йоl, кхузткъа аьрша кlорга йолчу гlу чуьра ка хьала-баьккхинчунна ло эло, аьлла, хабар хезна вежаршна. Жимах волчу вашас ша ваийтахьара, аьлча, хьалха санна, иза човха а вина, вира тlе а хиъна, шаьшшиъ новкъа ваьлла воккхах волу ши ваша. Ши ваша новкъа ваьлла дукха хан ялале, киснара схьабаьккхина, кхоалгlа мерз а багийна кlанта. Беана, схьаиккхина кlанта кхоалгlа лаьцна хилла расха дин. Дуьгу нускал санна, шен дин кечбина, нускал дало кlант санна, ша а кечвелла, новкъа даьлла хlара шиъ. Новкъа дlавоьдуш, шен шина вешина тlаьхьакхиъна, цаьрга салам делла кхо. Кхуьнан сапам схьаэца уьш ца кхиалуш, тlехъиккхина жимах волу ваша. Вахана элан гlопе кхаьчча, цигахь карийна кхунна массо а махкара баьхкина нах. Эло, нахана юккъе а ваьлла, кхайкхийна, кхузткъа аьрша кlоргачу гlуна чуьра ка схьабаьккхинчу кlанте шен йоl ло ша, аьлла. Массо а цецваьлла висина. Кlант шен расхачу динах дагаваьлла, вайшинга хlун далур дара-теша, аьлла. Расхачу дино кlантана жоп делла:
— Ша кхоа ца беш, аренаш lадош мохь тохий, чож дагош шед тоха шена. Хьалхарчу когашца латта охкуш, тlехьарчу когашца латта нацкъар кхуьйсуш, ша гlуна буха кхачор ву хьо. Тlаккха ка схьа а эцна, хьаладер ду вайша.
Дино шега ма аллара, аренаш lадош мохь тоьхна, гила ор тlе тесна кlанта. Расхачу гило хьалхарчу когашца латта охкуш, тlехьарчаьрца иза нацкъар кхуьйсуш, кана тlе кхачийна кlант. Буха ма кхеччинехь, катоьхна маlа а лаьцна, ка хьалабадийна кlант вогlуш, коьман маlа а яьлла, хецабелла юха ор чу бахана иза. Цу заман чохь гlалин корах арахьоьжуш lачу йоlа, кlантана хилла харцо а гина, мохь тоьхна:
— Дакъаза ма вала хьо, жима къонах! Барзо лоцучуьра, хlунда ца лоцу ахьа иза? — аьлла.
Говраца юха чу а иккхина, катоьхна вортана тlера а лаьцна, ка хьала а баьккхина, ластийна йоl йолчу корах чукхоьссина кlанта ка. Цига гулделла мел долчу адамана кхаа дийнахь, кхаа бусий той а дина, шен жимах йолу йоl а елла, цlа ваха новкъа ваьккхина эло кхаа вешех жимах волу ваша. Ша ялийна элан кхоалгlа йоl, шайн йижарий болчу дlа а лачкъийна, расха дин важа ши дин болчу божли чохь дlа а хьулбина, шен вежарий схьакхачале, вахана охьахиъна кlант.
Эло кхайкхийна хьуьнар тоьллачунна йоl луш хиллачу тойнехь а lийна, цlа веана ши ваша. Бухахь lачу шайн жимах волчу вешега аьлла шина вашас:
— Ма хьох тера вацара-кх, элан йоl къевсинчохь, расхачу динахь кхузткъа аьрша кlоргачу гlуна чуьра ка хьалабаьккхина жима кlант.
Жимах волчу вашас аьлла:
— И кlант сох тера ца хиллехь а, цо хьуьнарш тоьлла яьккхина кхо йоl а, цуьнан хьуьнарш толийна lаьржа, сира, расха кхо дин а аса гойтур-м бу шуна, — божлара схьаозийна кхоь а гила а, сов цlа чуьра араяьккхина хазалла гlараяьлла йолу элан кхоь а йоl а шина вешина хьалха хlоттийна жимах волчу вашас.
— Вай дас дина весет дагара дlа ца долу суна: вон хила атта ду, дика хила хала ду бертахь lелаш, аьллера цо. Къастаде шайна нускал а, дин а, — аьлла жимах волчу вашас цецбоьвлла лаьттачу шен вежарина.
Дуьгу нускалш санна дой кечдина, невцарий санна шаыи кечбелла, поштанна кхо дин а боьжна, эла волчу вахана кхо ваший, церан зударий, кхо йиший.
Бахана невцарий а, шен мехкарий а ша волчу кхаьчча, шен шед кхочехь мел долу адам а гулдина, ворхl дийнахь, ворхl бусий доккха ловзар а дина, ша да волчу дохнах ах даьхний шен невцаршна а, мехкаршна а делла, цlа хьовсийна эло уьш.
Баьхкина цlа а кхаьчна, мерзачу безамца, цlенчу дагца, доккхачу ирсаца баха хоьвшина кхо ваший, церан зударий, кхо йиший.
* Masalın Türkçesine buradan ulaşabilirsiniz.
* Çeviren: Tarık Cemal Kutlu